ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу Радан шина депутатна коронавирусан ун даьлла


Украинан Лакхарчу Радан депутатца Лукашев Александрца коронавирсан инфекци гучуяларх хаамбина "Украинская правда" газетано.
Хьалхо ун даьллера депутатна Шахов Сергейна а. Пневмоница дарбан цIийнехь охьавиллина иза. Шаховс чIагIдо, Украинан президенто а цхьана дакъа а лоцуш, дукха хан йоццуш хиллачу Лакхарчу Радан кхеташонехь ша хилла вацара аьлла.

Радан кхин а масех депутатан могушалла толлуш бу лоьраш, ун кхеттий хьожуш.

Пачхьалкхехь 16 стагах бен вирус хьакхаелла яцахь а, Украинан Iедалхоша инфекцина духьал шога бехкамаш бина. Болх беш яц Украинехь метрополитен а, лаьтта тIехула лелачу транспортца дIасалела совцон йиш йоцчу белхан меттигашкара нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG