ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медицинан масканаш ечу фабрикашна конфискаци йийр ю Туркойчоьнан Iедалхоша


Медицинан туьтмIаьжгаш ечу Туркойчуьрчу фабрикашна шаьш конфискаци йийр ю аьлла Iедалхоша, нагахь санна, тахана суьйранна 8 сахьт далале уьш масканаш йохка ца буьйлалахь. Bloomberg агенталло хаамбарца, дахначу кIирандийнахь масех фабрикех хьоьвсинчу туркойн полицина гучудаьллера, йохка ара а ца йохуш, масканаш латтош хилар.

Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана бахарехь, операци йирзинчул тIаьхьа масканаш ечарна тIедиллинера пачхьалкхан могушалла Iалашъяран министраллаца контракташ дар.

Эпидеми иккхинчу юкъанна туркойн Iедалхоша болх сацийна 165 эзар компанийн а, индустрий а.

11 эзар стаг ву карантинехь латтош. Johns Hopkins University хьостан статистикаца, Туркойчохь ун даьлла ву оршотдийнахь динчу дIахьедарца, 1236 стаг.

30 ву велларг. 20 300 вахархочунна тесташ йина, коронавирус юй хьовсуш, могушаллин министралло бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG