Гуьржийчоьно дIакъевлина шен къилбера 2 кIошта, цигахь цхьана зудчун коронавирус хьахакхаелла хилар гучудаьллачул тIаьхьа. Мехкан премьер-министро Гахария Георгис дIахьедина, Зазадоккху-беттан 23-хь дуьйна Гуьржийчоьнан ши кIошта дIакъовлуш хиларх лаьцна, короновирус ца яржийта Iалашо йолуш.
Журналисташна хьалха вистхуьлуш Гахарияс дIахьедира Азербайджанца доза долу Марнеулин а, Болнисин а ши кIошта чу-арава къевлина хирг хиларх лаьцна.
Цо дийцарехь, цига даар-малар а, молханаш а хьажор ду Iедалша, ткъа кхача бухку туьканаш а, аптекаш а болх беш хир ю цу шина а кIоштахь. Иштта болх беш хир ю адамашна орцахйовла декхарелахь йолу сервисаш а.
И сацам бина Гуьржийчоьнан Iедалша 90 гергга стага дакъалоцучу тезетахь хIумакхоллуш Iийначу зудчун коронавирус кхетта хилар шайна гучудаьлча. Карарчу хенахь аьтто баьлла цуьнца юкъаметтигаш хилла 85 стаг схьакаро.
3 миллион 700 эзар стаг вехачу Гуьржийчохь коронавирусан ун кхетта ву 54 стаг. Велла цхьа а стаг вац. ДIадаханчу шотдийнахь парламенто къобалдира президенто Зурабишвили Саломес махкахь коронавирус яржар сацо гIерташ цхьана баттана чолхе хьал кхайкхош арахецна указ.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!