ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь коронавирус кхетта стагга а вац аьлла могушаллин министралло


ГIалгIайчуьрчу могушаллин министралло бакъ ца дина, республикерчу клиникан дарбан хIусамехь коронавирусан ун даьлларг ву бохуш, WhatsApp мессенджерехула баржийна хаам.

Дийцарехь, вуьйцург ву карарчу баттан 14-чохь "шина а агIор полисегментаран пневмоница" охьавиллина пациент.

Коронавирус толлуш йинчу тесто вирус ца гайтина. Чолхечу хьолехь ву цомгушверг аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале дарбан цIийнехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG