Карарчу беттан 26-чу дийнера карабогIучу беттан 14-чу терахье кхаччалц 65 шарал тIехбевллачарна а, дIа ца йолучу цамгаршца болу нах а чохь совца беза аьлла, дIахьедина Москван мэро Собянин Сергейс. Цу кепара омра мэрин сайтехь зорбане даьккхина ду.
Цу категори юкъа богIу белхахошка цIера болх байта беза куьйгалхоша, я мукъабита беза, алапа а луш, боху мэро.
Хьакалуш дац и омра лоьрех а, болх сацон йиш йоцчу хьукматех а, индустрех а.
Ишта документ тIехь билгалдаккхарца, цIерачу режиме баьхначу бахархошна 4 эзар сом гIоьнна ахча а кхачор ду.
"2 эзар сом юьхьанца дIалур ду, важа 2 эзар карантин чекхйолучу заманчохь лур долуш ду, нагахь санна, режиман низам аш лардина делахь", - аьлла Собянина.
Нагахь санна, церан телефонаш тIехь ахча дацахь, зIенан операторша
телефонашна блок тоха ца еза, коммуналан декхар хьедича
детта гIуданаш а совцор ду цхьана ханна.
Москварчу къанойн йиш хир ю волонтерашка гIо деха а, я маьхза юург, я молханаш шайна цIа даийта а.
Оршотдийнан статистикаца, 438 коронавирусан ун даьлларг ву Оьрсийчохь.