Туркойчуьра цIа веанчу Нохчийчоьнан кхаа вахархочуьнца коронавирусан ун хааделла аьлла, хаамбина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Нохчийчохь йинчу тесташа билггал вирус елахь а, яцахь а тIечIагIдийр дац, цундела оха Новосибирске кхин а тIе кхачам боллуш талла яхьийтина уьш аьлла цо.
"ХIинца жоьпе хьоьжуш ду тхо, цул тIаьхьа 100 процентца тешам боллуш ала даьхьар ду тхо республикехь коронавирус хиларх", - аьла, дийцина Сулеймановс.
Цхьа дей-буьйсий даьлча кийча хир ду тестийн жамIаш. Министро чIагIдо, цомгаш бу аьлла, шеконаш йолчу нехан контакт мел хилларг а тестех чекхваьккхина шаьш, царна яц аьлла гойту.
Хьалхо могушаллин министралло бакъ ца бира, республикехь вирус кхетта стаг къаьстина аьлла, социалан машанашкахула баьржина хаам.