ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинехь хинболчу хийцамех дийцина Даудовс


Парламентан спикер Даудов Мохьмад
Парламентан спикер Даудов Мохьмад

COVID-19 вирусна дуьхьало латторехь коьрта Iалашонаш билгалъяьхна Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
"Шинаридийнахь дуьйна дарбан хIусамаш а, кхача бухку а, молханийн а туьканаш а бен хир чц болх беш. Карантин йоьдучу заманчохь боьхкуш бу бахархойн гуламаш а. Кхечу пачхьалкхашкара цIабаьхкина нах а, церан контакт хилларш а шина кIиранна карантине охьабохкур бу. Мехкан куьйгалхочо ма-аллара, уггар а нах гулбен меттиг ю вайнахалахь: ловзар а, тезет а. Ас билгалдоккху, доьзал кхуллучу шинна юкъахь маха бан мегар ду, ткъа ловзар хIоттор цхьана ханна дIататта дезар ду. Ишта стаг велча а, нах а ца гулбеш, адам дузош сагIанаш а ца дохуш, дIаволла веза.

"ЦIийн сагIа" а, хьовла а дIаса а декъна, дерзийта деза тезет. Вайна ма-хаъара, юкъарчу пхьегIашчохь хIума йиъча а, инфекци яржон тарло", - аьлла, дIахьедина Даудовс.

Оцу дерригенах а жоьпалла тIедиллина спикеро кIоштийн урхалхошна а, имамашна а, полисхошна а. Царна хаа деза кхечу пачхьалкхера цIа оьхучех а, ловзарш хIитточех а, стаг валарх а боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG