ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш эцна школан куьйгалхо кхеле хIоттийна Нохчийчохь


Гуьмса кIоштан Энгал-Юьртарчу лоьмар 2 йолчу школан директоран гIовсна Мамацуев Халидна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина, кхаьънаш эцна цо аьлла. Талламчийн версица, стохка ГIадужу-баттахь меттигерчу вахархочуьнгара 40 эзар сом эцна хилла цо, ша болх бечу школе иза дIаоьцур ву аьлла.

Динчу зуламна 3 шарера 8 шаре кхаччалц хан кхачайо цунна низамаша, ишта тIедожадо гIуда такхар а. Цул совнах, пхеа шарахь цхьана а даржехь болх бан бакъо а хир яц Мамацуевн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG