ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус: ХIирийчохь ловзарш дийр дац?


ХIирийн ловзаран хелхар, гайтаман сурт
ХIирийн ловзаран хелхар, гайтаман сурт

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Пейсахова Анна

Оьрсийчохь коронавирус яржа йолаелча дийца долийра спортан чемпионаташ а, дуккха а адамаша дакъалоцу культурин мероприятеш а дIаяхьар тIаьхьататта мега бохуш. Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархоша дийцара цу тайпаниг республикехь дан хала хирг хиларх лаьцна.

Муьлхха а концерт я футболан матч ца еш йита а мега, амма Кавказ Iийр яц ловзарш ца хIиттош, яздора социалан машанашкахь цу тайпа ойла йолчу наха. Кхеташ ду, зудаялийначу меттиге гергарчерах 10-х стаг а кхайкхина паргIат валахь, кхечу гергарчеран, юххерчу нехан, лулахойн, беза-бевзачийн оьгIазлонах цхьа вер ца хилар.

"Кега-мерза цатемаша совцор дац вай"

Шена тIе тидам бохуьйтуш ду хIирийн Iедало дихкинчух лаьцна бинчу сацаман 11-гIа дакъа: ловзарш дар а, даздарш а тIахьататта а, ткъа гуттар дика хир долуш, тезеташка богIучу нехан терахьна доза тохар хьокъехь а динан дайша а, юкъараллин вовшахтохаллин куьйгалхоша а кхайкхамаш бар вовшахтоха.

ДIадаханчу пIераскан дийнахь меттигерчу "КрыльяTV" зорбан гIирсо таллам бира, тезеташка а, зуда ялийначу меттигашка а ца боьлхуш бахархой совца дагахь бу-бац къастош. Гучудаьлларг дара 35 процент цу талламехь дакъалаьцна нах реза хилар цига ца боьлхуш совца. Кхин а 23 проценто жоп делира, шаьш гIур дацара, амма гергарчу нахана халахетийта ца лаьа шайна аьлла.

Вуьшта аьлча, талламехь дакъалаьцначу нахах ах кийча бу Iедалша бохург кхочушдан. Оцу талламан жамIаша къовсамаш гIовттийра хIирийшна юкъахь социалан машанашкахь.

"Вай цкъачунна хIирий ду, ткъа цу тайпачу кега-мерза цатемаша, цу тайпачу вирусаша совцор дац вай! Дуьхьал хIотто а хала ду суна, муха мегар ду хьайн уллерчу гергарчарца ца бекъа хазахетар а, бохам а", - яздира республикехь вевзаш волчу Фейсбукехь божарийн тобанан агIо лелочу Елканти Артура.

Дукха хиларна тIера хьекъале маьӀнан тIе

Ала дашна, меттигерчу бахархоша хIинца а багара охьадуьллуш дац, 2000 стаг дакъалоцуш а волуш, республикан куьйгалхочо Битаров Вячеслава шен кIанта зудаялор дIадерзош хIоттийна той. Лерринчу банкетан хIусамехь иза вовшахтоьхнарг вара даздарш дIахьочу ресторанан долахо, юкъараллин жигархо Абиев Валерий.

Ловзар а, велларг дагалоцуш гулдаларш а вовшахтохар шен бизнес ялахь а, (вирус ца яржийта) катоьхнна гIулчаш яха хан тIекхаьчна, боху Абиевс.

"Ловзар ца даран дуьххьарлера масал"

Делахь а Къилбаседа ХIирийчохь ловзар ца даран дуьххьарлера масал гайтина. ХIара бутт чекхболуш Абиевс вовшатоха дезаш дара меттигерчу туркойн доьзалан ловзар. Амма вирус яржарца доьзначо тIаьхьататтийтира ловзаран той.

"Тхо кхийтира царах, закъалтана делла ахча юхаделира оха", - дуьйцу ресторанан долахочо.

Ткъа хIун дан деза, хан а тоьхна, ловзар хIотто леринчу доьзалша? Абиевс дийцарехь, дукхахаболу нах хIинцале а ларбала буйьлабелла вирусах. Цундела хIумакхалла буьйлабалале стоьлашна тIе шаьш йохкучу антисептикан салфеткех пайда оьцур бу аьлла хета шена хьешаша, бохуш вара ресторанан долахо.

"Велла стаг дIаверзош дакъалоцуш адамаш гулделлачехь оха царах пайда оьцу. Амма цигахь кхин хало ю: тезета нах богIу ерриг а республикера, массара а, куьг а лоцуш, маршалла хотту, мара а беттало уьш, къаьсттина кадам беш. Юха а хьекъале маьӀно гойту, тезета богIучу нехан терахьна зил тоха безаш хилар, амма цкъачунна Кавказехь иза далур ду ала хала ду", - бохуш вара Абиев.

Ткъа оццу хенахь, цхьана ханна ловзарш хIиттор сацор ду Нохчийчохь а.

Социалан машанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина, дуьненахь яьржина коронавирус эшон хьовса деза аьлла.
"Тахана Iедална а, юкъараллана а хьалха коьрта Iалашо ю - коронавирусан эпидеми республикехь ца яржийтар. Вайн бахархойн могушалла а, кхерамзалла а массо а хIуманал а деза ду вайна", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Цо бахарехь, цхьа могIа барамаш бу махкахь дIахьош Iедалхоша оцу Iалашонна хьажийна.

"Ас тIедиллина оршотдийнахь ресторанашкахь а, кафешкахь а хийцамаш бе аьлла. Цкъа делахь, дихкина нах а гулбеш, барамаш хIиттор. Доккхачу декъанна, ловзарш а, кхинйолу банкеташ а дIаяхьар. Дукхахйолу ресторанаш а, кафеш а дIакъовлур ю", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо шен Telegram- каналехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG