ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк боцуш СИЗО-хь латтийначу кхаа нохчочунна компенсаци ца ло


ЦетиевгIар Хьусейн а, Сайд-Мохьмад а, Ражапов Хьамид а
ЦетиевгIар Хьусейн а, Сайд-Мохьмад а, Ражапов Хьамид а

Москварчу Внуковон орцан министраллан белхахошна тIелатар дина, царех леттера аьлла, бехкевина кхаа шарахь чохь латтийна, тIаьхьа бехказваьккхинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна Цетиев Хьусейнна компенсаци дала дуьхьал хилла Москва гIалин кхелахой, яздо "Кавказский узел" агенталло. Стохка Москварчу Тверской кIоштан кхело 500-700 эзар соьмашкахь ахча хIоттийнера Нохчийчуьрчу вежаршна ЦетиевгIарна Хьусейнна а, Сайд-Мохьмадна а. Ткъа цаьрца цхьана хиллачу Ражапов Хьамидна миллион сом деллера. Кхоккха шераш хенаш текхна цу кхааммо а лаьцначохь.

Маршо Радионо яздира, Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь лацарх. Талламхоша дийцарехь, цара, травматикан тапча а кхуьссуш, тIелатар динера Москох кIоштарчу Внуково олучу меттехь орцан министраллан белхахошна. Лаьцначийн адвокаташа дIахьедора, церан массеран а алиби хиларх а, хIиттийначу видеокамераша дIа а яздина.

Кхело масийттазза дIаяхйора уьш чохь буьтуш хенаш, ткъа Цетиев Сайд-Мохьмад шен цIахь латтош вара, дIасавалар а дихкина.
2017-чу шеран аьхка кхело царна дуьхьал айдина гIуллакх прокуроре юха а хьажош, Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а маьршаваьккхира.

Кхааммо далхийра, Iедало лаьцна латточу юкъанна шаьш балхах довлар, къена да-нана, йиша-ваша кхаба аьтто цахилар а. Ражаповн нанас дийцина, СИЗО-хь латточу юкъанна шен кIентан могушалла галъяларх. Нийсонца хIоттийна дац компенсаци аьлла, церан адвокаташа латкъамбинера кхелан сацамна. ХIетте а суьдхоша компенсацин барам лакха ца баьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG