ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВОЗ: Дуьненахь маса яьржаш ю коронавирус


ТIетаьIIина дуьне мел ду яьржаш ю коронавирус. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацин (ВОЗ) директоро Гебрейесус Тедрос Адханома дIахьедарца, 100 эзар стагна ун а долуш, дуьххьара вирус гучуяьлла 67 де даьлла. 100 эзарна тIера шина эзаре делира терахь 11-чу дийнахь. Ткъа диъ де даьлча 300 эзар стаг вара ун кхетта.

Оршотаийнахь, карарчу беттан 23-чохь, 373 эзар стаг ву коронавирусца дуьненчохь. COVID-19 вирусна дуьхьал 20 пайден хирдолу молха ду кечдеш. КарабогIучу баттахь билггал ала йиш хир ю, цу препараташа дарба до аьлла.

Нагахь санна коронавирусна дуьхьал молха карадахь а, беттанашка дер ду гIуллакх. Олийла дац цо массарна а гIо дийр ду а.

COVID-19 пандемица къийсам латточу адамашна дезар ду шайн иммунитет а, карантин а ларъян а, вакцина дарбане хир ю аьлла, теша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG