ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь карантин дIаерзо мегаш хилар юкъара ца доккху Трампа


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:26 0:00
Линкана тIе

ТIедогIучу кIиранах 15-та денна кхайкхийна карантин дIайирзинчул тIаьхьа Американ экономикан болх юхаметтахIотторца доьзначу хаттаршна тIехь болх беш ву ша аьлла, дIахьедина президенто Трамп Доналда, хаам бо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

"Америка кестта юха а схьайиллина хир ю бизнесна. Вай цунах еххачу ханна финансин проблема йойтур яц", - элира Трампа КIайн ЦIийнехь оршотан дийнахь хиллачу зорбан конференцехь.

Коронавирус яржар 15-тта дийнахь лахдар Iалашонца юкъайохучу цхьацца гIулчех лаьцна дийцира Трампа цхьа кIира хьалха, шайна юкъахь, оьшуш а доцуш, дIасалелар сацор а долуш. Цу юкъана экономикан гIуллакхдар цхьана ханна сацийнера цхьайолчу штаташкахь.

Нах болх боцуш бисар а, фондийн рынкашкахь махбар лахлуш хилар а гуш, Трампа ша синтем байна хилар хаийтинера шен гIоьнчашка а, бертахошка а, юкъадаьхначу дехкарша тIейогIучу еххачу хенахь экономикан хьолана Iаткъам бан мегара аьлла.

Трампа дIахьедира журналисташка, цхьайолчу коронавирус хьакхаелла нах кIеззиг бен боцчу, штаташкахь экономикан гIуллакхдар юхадIадоло мегар дара аьлла. Президенто хьахийра Небраска а, АйдахIо а, Айова а штаташ. Цу хеннахь шен тидамера ца доккху цо вирус яьржина Нью-Йорк санна йолчу штаташкахь хIоьттина хьал а.

«Нагахь лоьрийн аьлларг хилча, цара дерриг а дуьне карантинна дIакъовлур дара", - элира Трампа.

Коронавирус: Нохчийчохь туьканашкара дIаоьцуш ду дерриг а
please wait

No media source currently available

0:00 0:00:50 0:00

Трампан экономикехула хьехамчо Кадлоу Ларрис Fox News телеканалана интервью луш хьахийра президентан администрацино шен болх хийца мегаш хилар.

«Президент бакъ ву. Дарба хуьлийла дац цамгарал а вон. Бертадаха дезар ду вай. КIайн ЦIийно йийцаре йийр ю тайп-тайпана варианташ", - элира цо.

Оршотан дийнахь Американ коьртачу банко, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан тIаьхьалонан системо маситта программа йолийна, коронавирус яржарна дуьхьало еш юкъадаьхначу дехкаршкара Iаткъам ловш йолчу экономикана гIортор ян.

Царах цхьадерш дIадаьхча хIун дара-те, бохуш ойла еш Трамп а волуш, цуьнан цхьаболчу хьехамчаша варе во президент, вирус яржарца доьзна хьал кхин а чолхе долуш ду бохуш.

Путин - даиманна а президент?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG