ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархо верна Оьрсийчоь бехкейина Европан кхело


Йоьдучу спецоперацехь Цороев Беслан верна бехк Оьрсийчоьнна тIехь бу аьлла, дIакхайкхийна Европерчу кхело. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

2009-чу шарахь хилла ю юьйцу инцидент. Сатосучу заманчохь Цороев Хьасанан цIенна го лаьцнера полисхоша. ХIусам чохь мел волчуьнга аравала аьллера ницкъахоша. Хьасан а, цуьнан хIусамнана Iайшат а полисхойн декъе дIадигира, ткъа Беслан чохь висинера. Масех сахьт даьлча хIара шиъ юхадеача, вийна карийра царна шайн кIант
Кхелан экспертиза а йина, ницкъахошка цхьацца хеттарш а дина, дуьхьало йира Цороев Хьасанна бехкзуламан гIуллакх делла.

"Нагахь санна, йоьдучу операцехь стаг вийна шаьш Iедало бахахь, уьш декхаре бу ца девллачу денна бен вийна вац аьлла, тоьшалла дан. Ткъа Iедалхоша ца далийра тоьшаллаш", - аьлла "Кавказ.Реалиига" "Мемориалан" юристо Черникова Татьянас.

Страсбургерчу кхело вийначун дена 80 эзар евро компенсаци далар тIедожийна Оьрсийчоьнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG