ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинехь Iаш боцу нах байа безара аьлла Кадыровс


Карантинан къепе а ца ларъеш, коронавирусан инфекци яржон нах байа богIура аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Министрий кабинетца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцина Кадыровс, карантинехь ца Iийначу Меккера цIа веанчу меттигерчу вахархочух, яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Нагахь санна, цуьнца и цамгар елахь, эзарнашкахь нахана ун дер м а ду цунах, - аьлла Кадыровс. - Ша шех бала беш волу стаг, соьга хаьттича, вен вогIура. Ша цомгуш хилла ца Iаш, шен доьзална а, йижаршна а, вежаршна а, лулахошна а дIалуш ма ду цо и ун".

Официалан хаамца, Нохчийчохь цхьа стаг ву коронавирус кхетта, кхин а шиъ шеконашкахь ву.

Де хьалха Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана хаийтира, Туркойчуьра цIа веана кхо стаг вирусца ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG