ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь цхьана вахархочунна коронавирусан ун даьлла хилар тIечIагIдина


Нохчийчоь, Соьлжа-гIала
Нохчийчоь, Соьлжа-гIала

Кхечу махкара цIавеанчу вахархочух коронавирус хилар официалехь тIечIагIдина Нохчийчуьрчу Iедалхоша. "Хала хеташ делахь а, цхьана стагана коронавирусан ун кхетта. Кхечу пачхьалкхера цIавирзина ву иза. Цуьнан контакт мол хилларш билгалбохуш бу", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Телеграм-каналехь.

Дагадоуьйту, хьалхо могушаллин министро Сулейманов Эльхана дIахьедира, Туркойчуьра юхавирзинчу кхаа стагаца гучуяьлла коронавирус аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG