ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шарна дIатеттина Токиохь хила еза Олимпиада коронавирус бахьанехь


Токио
Токио

Кху аьхка Токиохь дIадахьа лерина хилла Олимпикан ловзарш 2021-чу шаре дIатеттина. Бахьана ду - коронавирусан инфекцин пандемия. Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето а (МОК), Токиохь хиндолчу ловзарийн оргкомитето а юкъахь динчу дIахьедарехь бина ишта хаам. МОК-ан сайтехь зорбане даьккхина документ.

МОК-ан президенто Бах Томаса а, Японин премьер-министро Абэ Синдзос а бартбина Олимпикан ловзарш дIатоттуш аьлла, билгалдаьккхина дIахьедарехь. ТIедогIучу шарахь Токиохь дIахьур ду уьш, ишта хьалха хилла Олимпикан а, Паралимпикан а ловзарш Токио- 2020 аьлла, цIе а хийцанза юьтур боху документехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG