ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Етта аш кхин дIа а!": Къилбаседа ХIирийчуьра яхархо а, полисхоша шайна луъург лелор а


Мельниченко Юлия
Мельниченко Юлия

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Волкова Алиса

Цхь шо а ду Къилбаседа ХIирийчуьра яхархо Мельниченко Юлия, мочхал а кагдеш, шен вешина йиттинчу полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладайта гIерта

Стохка Зазадоккху-баттахь полицин белхахочо Улигов Мухьамеда кхаа меттехь мочхал кагдира цу йоIан вешин Ростиславан. Дов иккхинера цу шиннан МельниченкогIеран кетIахь. Ростислав шен доттагIчуьнца цIавогIуш хиллера. Цо "некъ ца битина" Мухьамеда урхалла дечу машенна. Улиговна жимачу стага динарг ца тайнера, цо юкъаметтиг къастийнера цуьнца, ша полицин белхахо хилар а ца хоуьйтуш.

И гIуллакх къасточу органийн белхахоша бехктакхаман гIуллакх долор юхатухуш хIоразза а яздо Улигов тIех ца ваьлла ша ларварал а, цо ларамаза, куьг бетах а кхеташ, Мельниченко дIататтар а бен кхин цхьа а хIума ца дина шен довхочун, бохуш.

"Ишттаниг муха хир ду, полицин белхахо машенара охьавоьссина гIашлочух ларвала?", - хоьтту Юлияс.

14-зза кехат даийтина цуьнга ницкъаллин структурийн белхахоша, бехктакхаман гIуллакх доло бахьана дац аьлла, амма йоI юхаяла дагахь яц.

ДIадаханчу кIиранах цо кхоазлагIа а ша цхьаъ лаьтта пикет дIаяьхьира республикан прокуратурина хьалха. Мельниченкос каралаьцначу кехата тIехь яздина дара "Етта аш кхин дIа а! Талламан комитетан талламан урхалла а, ХIирийчоьнан прокуратура а лачкӀош ю полисхоша ницкъ бар?"

Пикет дIахьош ю Мельниченко Юлия
Пикет дIахьош ю Мельниченко Юлия

Хьалха цуьнан акцеш тергал ца йора Iедалан векалша. Ткъа рогIера пикет хиллачул тIаьхьа Мельниченкоца цхьаьнакхийтира цкъа дуьххьара Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуроран гIовс Загоруйко Дмитрий, цул тIаьхьа республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Вагин Пётр.

Мельниченкос дийцарехь, олийла дац цуьнан дехарш жоп доцуш дисина. Динна шарахь лоьрийн экспертизаш йира. Карарчу хенахь еш ерг 4-гIа ю. Дийцарехь, цуьнан жамIаш муха ду хуур ду 2020 шо чекхдолуш. Амма тIаккха иза тIаьхьа хила мега: зуламийн кодексца "Юккъерчу барамехь могашаллина зе дар" артиклехула зуламхо жоьпе озо магийна хан 2 шо бен дац.

Мельниченкос дийцарехь, хьалха йинчу цхьана а экспертизехь хаттар ца хIоттийнера, тIарица муьшка йича каглур дуй мочхал кхаа меттехь я дац аьлла? Улигов воцург жоьпе озо беза аьлла хета цунна, кехаташ юха эца бохуш а, гайтамаш хийца бохуш а шена Iаткъам бина талламхой а.

Карарчу хенахь Мельниченкон эшам хилла ваша армехь гIуллакх деш ву. Амма нийсо лоьху йиша юхаяла дагахь яц. ТIеххьара дехар яздина цо прокуратуре Зазадоккху-беттан 14-хь.

Цу хеннахь гIуллакхехь лакхаваьккхина Мельниченкос жоьпе озор доьху полисхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG