СИЗО-хь коронавирусан ун дала тарло лаьцна латточу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочунна 67 шо долчу Ужахов Малсагна аьлла, иза цIера дIасавалар а доьхкуш, дIахецар дехна жигархочун адвокато Куриев Джабраила.
Маршо Радионо яздира, стохка Магасехь хIиттийначу митингашкахь дакъалаьцна Ужахов бехкевеш хиларх, Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбина аьлла. 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 26-чохь митинг йирзинчул тIаьхьа 150 эзар соьмана гIуда тоьхнера Ужаховна. ТIаьхьо цуьнан адвокатийн ницкъ кхечира 10 эзар соьме барам охьабаккха.
Эпидемиологица доьзна хьал де дийне марсадолуш хиларна, лаьцначун адвокат тешна ву Ужаховн гIуллакхах катоьхна йист яккха еза аьлла. Цо дагадоуьйту, карабогIучу беттан 19-чохь лаьцна вуьтуш тоьхна хан чекхйолу, гIуллакх кхеле дIадала кечдеш хилар. Цундела изоляцехь латтон цаторийла яц иза, оцу юкъанна коронавирусан ун хьакхадала тарло цунах аьлла, дIахьедина Куриевс.
Маршо Радионо яздира, 2019-чу шеран Заздоккху-баттахь гIалгIайн бахархоша Iедалхошца дага а ца бовлуш, Магасе протесте бовларх. ШолгIачу дийне яьллачу митингехь тасадаларш хилира гулбеллачарна а, полисхошна а юкъахь. Цул тIаьхьа леца болийра ГIалгIайчохь оппозиционераш.