ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусца хьал тесна дитинчу губернаторшна таIзар дийр ду аьлла Мишустина


Оьрсийчоьнан премер-министр Мишустин Михаил

Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила дIахьедина, коронавирусца латточу къийсамна терго ца йинчу губернаторшна шога таIзарш дийр ду аьлла. Дарбан хIусамашкахь инфекционан маьнгеш а кечдай, хьолах лаьцна шега хоуьйтуш хила аьлла, тIедиллина цо.

"Нагахь санна, губернаторо я профилан министро кхачам боллуш оцу белхан терго ца латтаяхь, цхьа барамаш ца лелийча девр дац тхо, шога жоьпалле ийзор бу уьш. ХIокху кхерамечу хенахь могушалла тесна йита мегар дац", - аьлла Мишустина коронавирусан инфекцина дуьхьало латточу координацин кхеташонан гуламехь, яздо "Интерфаксо".

Премьер-министро билгалдаьккхина, регионалан Iедалхой а кийча хила беза, ун даьлла нах дарбан хIусамашкахь дIатарбан аьлла. ХIора регионехь лазартнешкахь кечбинчу меттигех а, мьангех а шега хаийта аьлла Мишустина кху беттан 27-гIа де кхачале.

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла ву 658 стаг. Пачхьалкхан 55 регионехь гучуяьлла вирус. Уггар дукха цомгаш нах бу Москвахь: 410 вахархо. Елла цхьа зуда. ГIоле хилла 29-нна.

XS
SM
MD
LG