ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба ХIирийчохь хIусамдас 11 уьрсан чов йина шен зудчунна


11 уьрсан чевнаш йина шен хIусамнанна хIусамехь дов а даьлла, Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштарчу Карц эвлахь вехачу стага.
Чолхечу хьолехь дарбан цIийнан реанимаци кхачийна зуда кIелхьаръяккха ницкъ кхаьчна лоьрийн. 52 шо долчу Хасиев Асхапна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Полисхоша лаьцна, шегара даьллачунна мукIарло а дина цо.

Итт шаре кхаччалц хан кхачайо зуламхочунна. Тарло нуьцкъаша иза дарбадан охьавилла а, хIунда аьлча, психоневрологин диспансеран тептарехь хилла ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG