ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iарбойн Эмираташкара цIа ван аьтто бац оьрсийн 5 эзар гергга туристан


Кеманаш совцорца Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкара цIа ван йиш йоцуш висина Оьрсийчуьра пхи эзар сов турист. Оьрсийчуьрчу туроператорийн Ассоциацин директоро Ломидзе Майяс бина цунах хаам. Коронавирус яржарца кхайкхийна карантин бахьана долуш дIатарбала аьтто боцуш бисина туристаш. Эмираташкахь дIакъовлуш ю отелаш а.

Ломидзес бахарехь, шайн бахархошна гIодан аьтто бац операторийн, Iедалхой, къаьсттина арахьарчу гIуллакхийн министралла юкъагIорта оьшуш хьал ду цигахь.

"Леринчу рейсашца уьш схьа ца балабахь, кхин дан хIума дац", - аьлла цо, ша Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу Оьрсийчоьнан консулалле кехат а дахьийтина, гIо доьхуш аьлла, тIе а тухуш.

Ломидзес бахарехь, дозанал а арахьарчу пачхьалкхашкахь 45 эзар гергга оьрсийн турист ву висина. Ростуризман хьесапца, 58 эзар турист ву цIавало везаш. Цхьана кIиранчохь уьш цIаберзор бу аьлла, дош делла Iедалхоша. Оцу юкъанна хууш дац, хьенан чоьтах: туристийн я шайн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG