ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавт Путин. Президент Коммунарке вахарх боьлу нах


Оьрсийчоь -- Ёлкин Сергейн карикатура
Оьрсийчоь -- Ёлкин Сергейн карикатура
Пономарева Аля, Маршо Радио, оьрсийн сервис


Москвана гергахь лаьттачу Коммунарка юьрта, коронавирус кхетта нах чубехкинчу карантинан центре вахана шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Уьнах ларлуш, можа бедар йоьхна иза гайтинчул тIаьхьа, дуккха а беламе къамелаш, суьрташ даржийна наха интернетехула. ХIун карийна царна бела?

Кремлан пресс-векалто видео яржийна Путин, уьнах ларвен можа комбинезон а йоьхна, карантинан центр чохь коьртах респиратор юллуш воллуш.

Т1аьхьо кхин а цхьа видео гайтина, президент оцу духарахь, сихачу боларца воьдуш, цхьана пациентаца къамелдеш.

«Хьо муха ву?» - хоьтту Путина пациенте. «Вуно дика ву, баркалла», - боху вукхо.

И дерриг а хилале хьалха лоьран кIайн духарахь йолчу зудчуьнга вистхуьлуш гойту пресс-гIоьнча Песков Дмитрий, цуьнга смартфон а луш, доьху цо видео яр. «Юьстах а ялий, дерриг а дIаязде. Ийза Iма ло. ТIаккха видео «Телеграме» йилла, цу чохь [сматрфон чохь] еккъа цхьа контакт ю хьуна, «Дима» аьлла. Цул тIаьхьа телефон хьайна йита, т1аккха йохае», - боху Песковс.

Путин дарбан хIусаман инфекцин декъехула лела видео дерриг а дийнахь гайтира «Россия 24» телеканало. Интернетехь иза гинарш боьлу.

Тайп-тайпанарчу мультфилмийн персонажех, телесериалийн турпалхойх тарво Путин бегашбечара.

Бакъду, цхьа а бегаш боцуш боху вевзаш волчу тележурналисто:

Дмитрий Киселёв:

Леррина ларван веза Путин

Амма Путин, шех кхоам ца хеташ, воьду коронавирус эшон – Москвана уллерчу Коммунаркехь йина яьккхинчу, уьнхой буьгучу дарбан хIусаме. Дукха хууш болчу комментаторша дагадоуьйту Гро Антуана-Жанан «Бонапарт воьду Iаьржачу уьнах нах тобечу Яфферчу дарбан цIийне» сурт. Кхечара дагалоьцу оцу визитна лерина Пушкина язйина байт.

«Песковн мекхаш» («Усы Пескова») цIе йолчу аккаунто а бо шен бегаш:

- Владимир Владимирович, доiанаш дича, хIайкалш даьхча тоьар дацара-те?

- Дацара.

Навальный Алексейн агIончаша Путина йоьхначу комбинезон тарйо цхьана хенахь Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь протестан васт хилла леллачу вастах.

«СовгIат лур ду воккха стаг беламе комбинезон йоьхна гойтуш диллинчу суьртанна»

Дуккха бо и тайпа бегаш социалан машанашкахь.

«Подьем» портало хаттар дина Песков Дмитрийга, стенна йоьхна Путина можа комбинезон, аьлла. Делла жоп ду: «Иштаниг елира-кх. Цхьа а маьIна дац цуьнца».

Путин Владимире, иза уьно лецна нах болчу кхачош, йохийтинарг ю Америкерчу DuPont компанис арахецна TyChem 2000C комбинезон: цуьнан мах бу 1800 сом, яздо «Йиллина медиа» («Открытые медиа») портало. «Басарш кечдеш, химин кочаллаш я мехкдаьттан сурсаташ лелош» юху боху инструкцино и тайпа комбинезон.

Путин инфекцех нах тобечу дарбан хIусаме вахар интернетехь маьршша дийцаредийраш бекъабелла шина декъе. Цхьаболучара иза дузу коронавирусо дуьненна, иштта Оьрсийчоьнна а, тIебоссийна кхерам боккха буйла Путин хаийта гIертарца. Ткъа кхечара иза ю боху цуьнан рогIера пиар-компани. Ша дарж дуьтур доцчу маьIнехь хуьйцу коституци къобалъяйта, ша къонах вуйла гайта гIерта Путин, аьлла хета кхечарна.

Дарбан хIусамехь хиллачул тIаьхьа аьлла Путина, Коммунаркехь дерриг а ду «сахьт санна болх беш», яздо РИА Новости агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG