ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу ФСБ-н куьйгалхо хийцина


ГIезалойчуьрчу къайлахчу сервисийн урхалле дехьаваьккхинчу Хвостиков Игоран метта Нохчийчоьнан ФСБ-н куьйгалле хIоттийна Кочнев Игорь. Инарла-полковнико Гончаров Александра нохчийн куьйгаллина вовзийтина керла хьаькам, яздо "Грозный-информ" агенталло.

Тюмменерчу ФСБ-н урхаллехь вара Кочнев Нохчийчу хьажавале.
Цо куьйгалла а деш дIаяьхьна Тюменан кIоштахь масех йоккха спецопераци.

2017-чу шеран ГIуран-баттахь дIалецира кхаьънаш оьцуш хилла Ямалера экс-депутат Крюков Павел; cтохка Чиллан-баттахь Ханты-Мансийскан автономин гонашкахь керстанийн динан "Свидетели Иеговы" организаци гучуяьккхира; оццу шеран бIаьста Тюменехь "Исламан пачхьалкх" шех олeчу тобанхойн ши декъашхо хIаллаквира; аьхка Новый Уренгой гIалахь лецира Украинера а, Литвара а, кхечу мехкашкара а герзаца котнтрабанда лелош йолу 11 стагах лаьтта тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG