ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцина тIехь хийцамаш беш кхажтасар тIаьхьатеттина Путина


Телеэфирехь къамел деш ву Путин Владимир
Телеэфирехь къамел деш ву Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира сацам бина Конституцина тIехь хийцамаш бар хьокъехь тIебогIучу Оханан-беттан 22-хь хила деза, 2036 шаре кхаччалц Iедалан коьртехь шена виса бакъо лур йолу кхажтасар тIаьхьатта. Цуьнан бахьана ду Оьрсийчохь коронавирус яьржаш хилар.

Зазадоккху-беттан 25-хь телеэфирехь къамел деш Путина элира, кхажтасаран керла де билгалдоккхур ду, могушалла ларъярехула болчу эксперташа хьоьхург тидаме а эцна аьлла. ТIаьхьо президентан сайто хаийтира кхажтасар тIаьхьатоттучу указана Путина тIе куьг таIийна хилар.

Сацам тIеэцна "эпидемин хьал хIоттарна Оьрсийчоьнан махкахойн могушаллина кхераме дерг ца лело", аьлла ду указехь.

Иза хилира Iедало кхоьллинчу говзанчийн тобано Оьрсийчохь COVID-19 цIе йолчу коронавирусах ши стаг велла хилар даре динчул тIаьхьа. 88 а, 73 а шераш долу ши дархо велла Зазадоккху-беттан 25-хь. Тобано дIахьедар дина цул хьалха оццу дарбанан хIусамехь белла нах юкъа ца тоьхна шаьш, уьш кхечу бахьанех белла хиларна аьлла.

Оьрсийчоьнан бахархоша кхажтаса беза Конституцехь цхьацца хийцамаш бар хьокъехь. Оццул ладаме хийцамаш бина бацара мехкан коьртачу низамехь 27 шо хьалха иза тIеэцначул тIаьхьа.

Конституцина тIехь хийцмаш баран план тIеэцна маситта кIира даьлча Путина хаийтира кхин цхьа хийцам бан а ша реза хиларх лаьцна. Цо бакъо лур ю цунна 2024-чу шарахь юха а президентан харжамашкахь дакъалаца а, 2036 шаре кхаччалц пачхьакхан куьйгалхо виса а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG