ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла 840 вахархочунна


Еаридийнахь Iорабаьхначу хаамашца, яхначу буса Оьрсийчоьнан регионашкахь коронавирусан ун даьлла 182 стагна. Верриг а цомгуш ву 840 вахархо. Велла шиъ. Москвахь ун кхетта ву 136 стагна.

"Эпидемиологин бинчу талламашца балгалдаьккхина, коронавирусан инфекци яьржинчу мехкашкара тIаьххьарчу шина кIиранчохь цIабаьхкина и нах хилар. Инфекционан боксашкахь охьабехкина бу уьш берриш а", - аьлла бу оперативан штабо бина хаам.

Оьрсийчохь долчу хьолах хIоттийна статиcтика ишта ю:

Москва — 136;
Свердловскан кIошт — 7 стаг;
Санкт-Петербургехь а, Пермскан кIоштахь а —5 стаг ву;
Якутехь — 4;
Ставрополан а, Красноярскан а, Челябинскан а кIошташкахь а, ГIезалойчохь а - 3 ву;
Псковн, Самаран кIошташкахь а, Бурятехь а, Ханты-Мансийскан гонашкахь а - 2 ву;
Хакасехь а, Кемеровн кIоштахь а - 1;

Кхааридийнахь Москвахь 88 а, 73 а шераш долу ши стаг велла коронавирусах аьлла, кхайкхийра.

Официалан статистикаца шиъ велла аьлла дуьйцу, ткъа кху беттан 19-чохь дарбан цIийнехь зуда елла, шеца COVID-19 вирус йолу. Бакъду, ялар пневмони бахьанех нисделла, яздо, ишта масех шеца дIа ца долу лазар а хилла цуьнца бохуш.

Яхначу буса дарбан хIусамера гIоле хилла араваьккхина 9 стаг. Верриг а дарба хилларг ву - 38.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG