ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эпидемин хьелашкахь а маьрша ца йоккху Саутиева Зарифа


Пикете яьлла Саутиева Зарифин йиша
Пикете яьлла Саутиева Зарифин йиша

"ГIалгIайн цхьааллин комитетан" декъашхочун Саутиева Зарифин хьокъехь адвокато чукхачийначу дехарна жоп ца делла Ставрополан кIоштан кхело. Регионехь эпидемиологин хьал кхераме латтарна, цIера дIасаялар а доьхкуш, лаьцначуьра мукъаяккха аьлла, дара цуьнан дехар. "Кавказ.Реалии" портале дийцина цунах Дзугаев Билана.

"Набахтехь атта дала тарло ун, - дийцина адвокато Дзугаевс. - Наркотикаш тIехь Iийна, хIинца царех дIахаьдда, хала мур ловчу зударшна юкъахь латтош ю Саутиева. Дукхахболчаьрца гепатит С а, ВИЧ а ю. Зарифа диабет йолуш ю. Чохь бахкочийн иммунитет эшна йогIу, царна ца кхачайо Д олу витамин. Нагахь цамгар цу чу кхачахь, Iаламат ирча сурт хир ду и ".

Дзугаевс сагатдо, СИЗО-хь карантин хIоттаяхь, гергарнаш а, адвокаташ а тIебуьтур ца хиларна а, талламан белхаш совцорна а.

"ХIинца юха а латкъамбеш ву со. Чохь латточу стеган дахарна кхераме хьал хIоьттинехь, зуламан кодексан низамаша могуьйтуш дац цигахь стаг латтор", - аьлла Дзугаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG