ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна тIелеттарг кхеле хIoттийна Нохчийчохь


Iедалан векална дуьхьал ницкъбаьккхина цо аьлла, Нохчийчуьра вахархо бехкехилар тIечIагIдина меттигерчу прокуратурано, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Талламчийн версица, стохка Стигалкъекъа-баттахь шега низамашца лела аьллачу полисхочунна дуьхьал тасавеллера бехкевийриг. Буй-тIара а еш, полисхочун барзакъ дохийнера цо, яздо. Лаьцначун бехк хиларх тоъал тоьшаллаш вовшахтоьхна шаьш, гIуллакх кхин дIа талла Шеларчу кхеле дIахьажийна боху прокуратурано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG