ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусех фейкаш яржочаьрца къийсам латтор бу Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран инициативаца белхан тоба вовшахтоьхна, коронавирусах лаьцна яржочу фейкашца къийсам латторхьама. Бахархошлахь паника ца яккхийтархьама, цара мессенджерашкахь гучуйохур ю Оьрсийчохь коронавирусах ун даьллачех яржон фейкаш. ТАСС агенталле бина хIара хаам, Талламан комитетан векало Петренко Светланас.

"Талламан комитетан куьйгалхочун тIедилларца кхоьллина и группа. Интернетехь а, мессенджерашкахь а, хаа а хууш, Оьрсийчохь коронавирусан инфекци яьллачех а, цуьнан унах беллачарех а харц информаци яржон нах гучубаха Iалашонца вовшахтоьхна ю и белхан тоба", - аьлла Петренкос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG