ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус Кавказехь: керла дархой



Къилбаседа Кавказера хьал карарчу ханна

Нохчийчохь дуьххьара стаг дарбан цIийне виллина коронавирус а кхетта. Дозанал арахьара цIавеана ву иза. 5-6 стеган тесташ ю шеконехь, цкъачунна билгалдалаза ду цаьрца дерг. Мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада бинчу хаамца, шайн цIахь карантинна сацийна ву 600 вахархо (ши де хьалха карантинехь вара 400 стаг).

«#ЦIахь саца» цIе а йолуш, флешмоб ю яьржина нохчашлахь интернетехула.

ГIебарта-Балкхаройчохь таханенна ву ун кхетта 4 стаг. Иза бакъдо меттигерчу урхаллаша, амма хьахийна дац Роспотребнадзоран хаамашкахь, билгалдоккху «Регнум» агенталло. Оцу бахьаница хета агенталлина, Роспотребнадзор хьулдан гIерта терахьаш, долу хьал дайдархьама, аьлла. Дозанал арахьара чувеана 200 сов стаг ву Нальчикерчу лоьрийн тергонехь.

Ставропол-махкахь кхин а 3 стагаца хааелла коронавирус, яздина шен хаамехь тахана Роспотребнадозоро. Хьалха еллачу информацица доьзча, ун кхетта ву махкахь 5 вахархо.

Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Къилбаседа Хирийчохь, болчу хаамашца, дистанционан кепе даьккхина институтийн, университетийн дешар. Амма и кеп шайна-шайна йогIуш яц, еккъа цхьа дешаран материал бен ца ло деканаташа интернетехула, яц еш видеоконференцеш, дац хоттийла цахуург, аьрзнаш до студенташа.

Коронавирус ГIалгIайчу а кхечи, аьлла бара цигарчу бахархоша социалан машанашкахула баржийна хаам. Амма иза бакъ ца бо мехкан могашаллин министралло. «Беттан 26-чу дийнан 13 сахьт даьллачу ханна цхьа а вац ГIалгIайчохь COVID-19 уьно лаьцна», боху лоьрийн урхалло.

Адыгейхь а билгалваьлла вирус кхетта вахархо - студент. Москара деношкахь шен цавахана иза, хилла вац дозанал арахь. Адыгейн могашаллин министра Меретуков Рустема бахарехь, республикерчу инфекцин клиникехь ву жима стаг.

Дагестанехь 9 стаг дарбан хIусаме виллина, юьхьанцарчу тесташа коронавирус гайтарца доьзна. Амма хьал ма-дарра девзар ду Роспотребнадзоре хьажийначу анализаша гайтинчу жамIашца. Лондонера, Туркойчуьра, Москвара цIавеана ву оцу нахах 6.

Ерриг Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса ун карийна 18 регионехь 182 стагаца.

Москва - 136

Свердловск - 7

Санкт-Петербург - 5

Пермь -5

Якути - 4

Ставропол-мохк - 3

ГIезалойчоь - 3

Челябинск - 3

Красноярск - 3

Псков - 2

Самара - 2

Ханты-Манси - 2

Буряти - 2

Хакаси - 1

Кемерово - 1

Новосибирск - 1

Томск - 1

Хабаров – 1

Таханенна Оьрсийчохь вирус лаьцна хаавелларг ву 840 стаг. 56 регионан бахархой бу уьш.

Оьрсийчохь коронавирус гучуяьлчхьана цунах товелла 38 стаг. Велла 2, Москварчу дарбан хIусамашкахь нисделла церан кхалхар. Беллачийн шераш – 73 а, 88 а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG