ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: Басаев Шемалан хилла тIемало лаьцна


Нохчийчохь Псковрчу десантхошна тIелатар динчу тобанхошлахь хилла Нохчийчуьра вахархо Башаев Майрбек лаьцна Владимирскан кIоштахь. Иза бехке во зуламаш лелорна а, герзашца бунт гIатторна а, къепе ларъечу органийн ницкъахошна тIелатар дарна а аьлла, хааме даьккхина Оьрсийчоьнан ФСБ-но. REGNUM агенталло бина цунах хаам еаридийнахь.

Башаев десантхошна тIелеттачаьрца билггал хиларх тоьшаллин материалаш гулйина шаьш Талламан комитетца цхьана аьлла, дIахьедина къайлахчу сервисаша. Шеконашца лаьцнарг изолятор чу воьллина.

2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевлла, Ведана агIор дIабоьлхучу нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра, шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица.

Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Нохчий дараш биллгал мел хилла хууш дац, амма уьш эзарнашкахь дара бохуш, чIагIдора Оьрсийчоьнан инарлаша.

Иза вуно доккха хуьнар гайтар лоруш ду Оьрсийчохь. Стохка Улус-Кертана гергахь хIоллам хIоттийра, цу десантхошна хьажийна, Нохчийчуьрчу Iедалша дакъа а лоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG