ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 10 стаг ву коронавирусан ун даьлла


Соьлжа-гIала
Соьлжа-гIала

Нохчийчохь карантине охьавиллина 500 стаг ву аьлла, дIахьедина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана, яздо "Грозный-информ" агенталло. Эпидемиологин хьал телхинчу пачхьалкхашкара цIа баьхкина, я цаьрца контакт хилларш бу уьш аьлла, къастийна цо.

"Ун даьллачех аьлча, таханалерачу дийнахь Нохчийчохь 10 ву уьш вовшахкхетта. 5 шо кхаьчна бер а ду царлахь. Суна ишта ала луур дара, селхана мехкан куьйгалхочуьнца дIаяьхьначу кхеташонехь билгалдаьккхина ма хиллара, регионерчу хIора стага ларъян езаш ю карантинан раж", - аьлла Сулейманов Эльхана

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG