ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера курорташ дIакъовлуш ю карантинна


Коронавирусан пандеми яржарца доьзна шоьтадийнахь дуьйна карабогIучу беттан 6-чу дийне кхаччалц дIакъовлуш ю "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ. Къилбаседа Кавказе бахка тураш эцначу туристашна ахча юхалур ду аьлла, яздо РБК хьостано. Цхьа могIа барамаш юкъахбохуш, хьалхо "Курорты Северного Кавказа" компанино жигара дехира ког-салазаш хохкучу курорташкахь коронавирусан кхерамна профилактика яран некъаш.

Карладоккху, Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкахь карарчу хенахь 19 стаг билгалваьлла коронавирусан ун даьлла хиларца. Царех 10- Нохчийчохь, 5 - Ставрополехь, 4 - ГIебарта -Балкхаройчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG