Коронавирусан пандеми иккхинчу заманчохь Оьрсийчуьра баккхий хьаькамаш а, пачхьалкхан корпорацийн топ-менеджерш а 21-зза кхечу мехкашка листина аьлла, хаамбо "МБХ Медиас". Кеманашца Европерчу пачхьалкхашка а, Дубай а дIасалелла аьлла, билгалбаьхначарлахь бу: Сечин Игорь а, Шувалов Игорь а, Медведева Светлана а.
Иштта, Зазадоккху-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кема а дахна Франце (цу деношкахь Кадыровн йоьIан Iайшатан модан гайтам хилира Парижехь).
Ишта "Ростех" пачхьалкхан корпорацин куьйгалхо Чемезов Сергей а ву тептарехь.
Къаьсттина дукха рейсаш йина, хьалхо "ВТБ" банкан долахь хиллачу, M-SKSM лоьмар йолчу кемано. Агенталло яздарехь, премьер-министр лаьттинчу Медведев Дмитрийн хIусамнана Медведева Светлана ю цуьнца дIасалеларг.