ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхо Тумгоевс шена кхерамаш туьйсу, набахтен хьаькамаша ницкъбо аьлла


Къилбаседа Кавказан тIеман кхело хан кхайкхийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочо Тумгоев Тимура дIахьедина, Украинехьа Донбассан кIоштахь тIемаш бина ву бохуш, колонин администрацино тIехь ницкъбо шена, кхерамаш туьйсу аьлла. Шен хаамехь Тумгоевс билгалдаьккхина, колони схьавалийчхьана цхьа сахьт гергга бен хан яьккхина яц ша карцер чу ца кхусуш.

"50 дей, буьйсий даьккхина ас карцер чохь. ХIинца а шогачу хьелашкахь латтош ву со", - аьлла Тумгоевс.

Талламаш бечу заманчохь шега хиттира боху тутмакхо, Украинерчу хьолах а, украинхошкахьа тIемаш бечу кавказхойх а, къаьсттина шейх Мансуран цIарахчу батальонах лаьцна.

"Суна дохку бехкаш Шемаца доьзна хиллехь а, хеттарш Украинех лаьцна дара церан"- аьлла, билгалдаьккхина Тумгоевс. Кеста Саратовн кIоштарчу цхьахйолчу колони дехьавоккхур волуш ву ша аьлла хета цунна.

"Кавказ.Реалиина" еллачу комментарехь Тимуран йишас Тумгоева Маринас аьлла, Къилбаседа Кавказан территори тIехь йолчу набахтехь шайн ваша витийта гIерташ, бахьанаш лелош бу гергарнаш аьлла.

2018-чу шарахь Украинас Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев Тимур. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевора иза Шемахь Асад Башаран ражна дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла. Ростоврчу тIеман кхело 18 шо хан тоьхна цунна, набахтехь луьрачу хьолехь такха.

Ткъа Тумгоевс Шеман территори тIехь ша хилла а вац аьлла, дIакхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG