ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаш: Коронавирусан карантин ца ларйина Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-гIалахь бIе сов нах а гулбеш, керла йина яьлла културан гIишло схьайоьллучу барамехь дакъалаьцна. Хьалхо карантинан низамаш лердан деза, къепе йохориг вен вогIура аьлла, дIакхайкхийнера Кадыровс. "Открытые медиа" хьостан терго хилира, Омаев Дагунан цIарах шахьарахь културан хIусам схьаелларх мехкан урхалхочо социалан машанехь бинчу хаамах.

Карарчу беттан 23-чохь Нохчийчохь ресторанаш а, кафеш дIакъовла, цхьана а кепара барамаш ма хIиттабе аьлла, дIахьединера Кадыровс. Совцийнера болх бечуьра школаш а, спортан хIусамаш а. 24-чохь коронавирусан ун даьлла цхьана стагана, шиъ шеконашца ву аьлла, билгалдаьккхира. Цул тIаьхьа телевизионехь дIахьедира Кадыровс, карантинан раж ларъеш воцург вен вогIу аьлла.

Ткъа Зазадоккху-беттан 26-чохь Соьлжа-гIалахь бIеннашкахь хьеший гулбина, шайлахь бераш а долуш, барам дIабаьхьна Iедалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG