ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан ун даьлла дукха нах хиларца хьалхаяьлла Iамерка


Еаридийнахь динчу зерашца, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ хьалхарчу меттигехь ю, коронавирусан ун даьлла дукха нах хиларца. Вирус гучуяьллачу Китайл а хьалха ю Iамерка.

Worldometer сайтан информацица, таханалерачу дийнахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь 82 эзар вахархо ву ун даьлла. Зазадоккху-беттан 27-чу дийнан зерашца, 1177 стаг велла цигахь, ткъа Китайхь 3287 вахархо кхелхина цу лазарх.

Еаридийнахь кхин 10 эзар стаг тIекхетта Iамеркехь. Велла 150. Къаьсттина чолхе хьал гойту Нью-Йоркехь. 37 эзар ву цигахь инфекцица. Калифорнехь а, Нью-Джерсехь а, кхечу штаташкахьчул а дукха бу коронавирусца Нью-Йоркехь. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн дуккхаъчу гIаланашкахь а санна, Нью-Йоркехь а карантин ю кхайкхийна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG