ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн боцу бахархой чубуьтур бац Соьлжа-гIалин аэропорто


Соьлжа-гIалара аэропорт
Соьлжа-гIалара аэропорт

Шайн мехкан бахархой а, ханна регистраци йолу нах а бен тIеоьцур бац тахана, Заздоккху-беттан 27-чу дийнахь дуьйнна, "Грозный" аэропорто. Социалан машанашкахь аэропорто шайн агIонехь бина ишта хаам. "Вайнах Авиа" компанин пресс-гIуллакххоша билгалдаьккхина, коронавирусан инфекци яржарца доьзна, декхаре ду шаьш ишта низам тIеэца аьлла.

"Дехар до шуьга, билгалъяьккхинчу категори юкъахь шаьш дацахь, эрна билеташ ма эцахьара аш. Нагахь хьалхо дуьйнна эцна хиллехь а, юхало", - яздо "Вайнах Авиас" шен Инстаграмерчу официалан агIонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG