ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус юй хьовсуш тесташ йийр ю Думан депутаташна


Пачхьалкъан Думан депутаташ тIедогIучу оршотдийнахь коронавирус юй хьовсуш тестех бохур болуш бу. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, депутатийн а, фракцийн аппаратийн а информацина тIе а тевжина.

Карарчу хенахь, ун даьлла цхьа а вац Думан депутаташлахь. Кху беттан 12-чохь парламентан спикеро Володин Владимира лахарчу палатан куьйгалхо Катаносов Сергей карантине вахийтира, цуьнгара мандат схьа а доккхуш.

РБК-с а, "Ведомости" хьостано а еаридийнахь яздира, Оьрсийчоьнан президентан администрацин масех белхахочух коронавирус хьакхаелла аьлла. Церан контакт мел хилларш а изоялци бехкинера.

ПIераскандийнахь президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс а бакъдина, Кремлан белхахошлахь коронавирусан инфекцица хилларш бу, амма Путинца контакт хилла яц церан аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG