ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус дукха ехий можан тIехь, маж яьшначу юьхь тIехь ехачул а?


Гайтаман сурт

Коронавирусах мифаш а, факташ а

Говзанчаш дийцарехь, кху дуьнентIехь коронавирусан ун кхета мегаш бу 50-70 процент бахархой, дуьйцу "Американ аз" зорбан гIирсан Оьрсийн сервисо. Цундела цунах ларвала тайп-тайпана хьехарш до лоьраша. Царах уггар дукха дуьйцург ду сих-сиха куьйгаш дила дезаш хилар.

Маца а, муха а дила деза куьйгаш?

Лоьраша хьехарехь, куьйгаш дила деза хIоразза а компьютеран клавиатура а, мобилан телефон а, тайп-тайпана пульташ а, ахча чохь лело бохча а лелийначул тIаьхьа а, ткъа иштта неIарин тIомах куьг Iоьттинчул тIаьхьа а.

Царна тIехь хуьлу дукхачу хьолахь вуно дукха бактереш а, вирусаш а. Вирус дийна хIума яц, иза протеинан молекула ю гонах хьаналлан пардо долу. Иза адаманна дегIах кхета бIаьргашкахула, мерахула я багахула.

Ша вирус экаме ю. Цундела иза хIаллакьян уггар гIоле кеп ю чопа йолу мьулхха а гIирс лелор, масала, саба. Чопано хIаналла яшайо, ткъа протеинан молекула оццу минотехь хӀаллакьхуьлу. Лоьраша хьехарехь, куьйгаш дила деза лаххара а 20 секундехь.

Саба доцург кхин хIун эвсара ю коронавирусна дуьхьал?

Довха хи. Йовхоно яшайо хьаналла. Цундела куьйгаш дуьлуш а, бедарш юьттуш а лело деза довха хи. Коронавирусан хьаналла хIаллакйийр ю бедарш кIай йийриг тIетоьхначу хино. Иза кечдеш цхьана декъан хлоран бух тIехь йолчу химикатах тоха деза 5 дакъа хи.

Вирус йоь ультрафиолетан зӀаьнарша. Цундела малхе араваларо гIо дон COVID-19 вирусах ларваларехь.

Керла коронавирус ницкъ болуш юй чIуьран чухула дегIах кхета?

Ницкъ болуш яц. Могуш долу адаман дегIанан чIор вуно нуьцкъала дуьхаьло ю коронавирусна.

Коронавирус дукха ехий можан тIехь, маж яьшначу юьхь тIехь ехачул а?

Гарехь, иза иштта долчух тера ду. Амма цу хьокъехь таллам бина бац. Делахь а, вирусаш месашна юкъахь а, маьлхах хьулйинчу кхартмартне меттигашкахь а мелла а дукха ехаш хилар тидаме эцча, ала мегар ду, маж вуно дика меттиг ю коронавирус яха аьлла. Цундела эпидеми яьржинчу хенахь имидж хийцича хIун дара-те аьлла, ойла йича дика хир ду аьлла хета говзанчашна, бевза-безачарна хьо маж йолуш товш хетахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG