ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шира гIап а йохош, Зилгера БуьритIе…


Зильгинское городище, памятник аланской культуры, Северная Осетия / Zilginskoe fortification, a monument of Alan culture, North Ossetia
Зильгинское городище, памятник аланской культуры, Северная Осетия / Zilginskoe fortification, a monument of Alan culture, North Ossetia
Скворцов Глеб

Зилги юьртахь карийна шира гIап а хьошуш, буьллуш бу Къилбаседа ХIирийчохь Мазалкера БуьритIе боьду машенийн некъ. II-V бIешерашкара аланийн бахам хIаллак ца байта арабевлла археологаш а, могIара жигархой а, ткъа царна дуьхьаллаьтта кхузаман хьашташ кхочушдан гIерта хьаькамаш.

"Кавказ.Реалиино" хьалхо дийцира яхначу заман тоьшалла дийна дисийта гIертачу жигархоша некъан белхаш сацабайтарх лаьцна. Юьхьанца Къилбаседа ХIирийчоьнан некъийн урхаллин куьйгалхочо Солиев Тариэла, историна пайде хIума яц, бохура, Зилгерчу гIопехь. Иза харцвеш видео яржийра жигархоша – гайтира цигара уьншарахьлера пхьегIаш, кешнаш-катакомбаш.

Цул тIаьхьа, бакъду, пачхьалкхан "ХIирийчоь-Ирыстон" телеканало шира гIап йоха цаяйта ара ца бевлира, аьлла, бехкбиллира археологашна а, бахархошларчу жигархошна а.

Ширачу бIаьрзнашна гонах тийналла лаьтта. Йохонза йисина гIап, истори, ларъеш ца го стагга а – бац кхузахь юкъархой. Церан берриг а тIом социалан машанашкахь бу», - бохура тележурналисто.

Ян а ю кху деношкахь Зилги тийна. Бац цигахь археологаш.

«Низам ду пачхьалкхехь ишта меттиг карийча, ца могуьйту цигахь белхаш бан археологашна, некъ буьллучарна муххале а мегаш дац и тайпа меттигаш йохо. Москвара бакъо луш долу кехат карахь хиллалц, талламаш бан йиш яц ур-атталла Къилбаседа ХIирийчоьнан историн, археологин институтан а. И бакъо а йоцуш болх болийнарг зуламхо лору. Ткъа гIопанна тIе Iедалан тидам берзор некъ буьллучарна тIехь ду. Соьга кхаьчначу информацица, некъийн урхалло хIинцца бен ца хаийтина говзанчашна шайна Зилги юьртахь шира гIап хааеллийла»,- элира "Кавказ.Реалиига" историка, юкъараллин жигархочо Цагараев Марата. Иза вара дуьххьара гIап йохош ю аьлла орца даьккхинарг.

Гучуяьлла шира гIап йоллушехь, цунна тIехула некъ буьллуш хьийзачу Дагестанерчу белхалошна (цигара ю некъан белхаш бан ялийна тоба) дуьхьалбевлира меттигера кегий нах. Тохар-Iоттар ца хиллехь а, цара девнаца, машенаш чуьра охьа а бохуш, совцийра истори хьоьшуш хьийза белхалой.

Замано лаьтта буха даьхьина Зилгерчу гIапан оганаш, 3-5 метр бухахь ду кешнаш-катакомбаш. Адаман чалхаш карайора цигахь некъ буьллучу юкъанна. Хьалха оцу меттехула йолуш яра цхьа готта некъан аса, хIинца цигахь хир бу 38 метр шуьйра трасса.

БIешерашкахь аланийн оьмар къайлахьош лаьттинчу гIопан кхо метр дIахьашна экскаваторша. Гуш ю цигахь адамийн а, дийнатийн а даьIахкаш, йохийначу пхьегIийн гаьргаш. Катакомбаш а ю хьейина, тIе керла латта хьаькхна царна.

«Йохийнарг ю историна вуно мехала гIап – 3 эзар квадрат метр хила тарло иза. Йисинарг мукъа а еза кIелхьаръяккха», - аьлла хета Цагараевна.

Историка дагалоьцу массех шо хьалха, федералан «Кавказ» трасса буьллуш махкарчу Кировн кIоштахь Змейскехь катакомбанийн кешнаш карор. ХIетахь дика хьавзира некъ буьллу урхалла – сихха тIеуьйзира Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкара археологаш, ца йохош йисира историн объект.

Мазалкера БуьрийтIе хьош болу трасса билла 2,1 миллиард сом делла федералан центро. Цагараев Маратна хетарехь, оцу ахчанах Зилгерчу гIопанна цхьа жима дакъа дича дика дара. Иза ден а йина, туризман хазанех дIатоха мегар дара. Амма буьллуш болчу некъо, нагахь санна цуьнан проект карла ца яккхахь, цхьа а тIаьхьало ца юьту гIопана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG