ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: 630 стаг ву карантинехь


Нохчийчуьрчу могушаллин министро Сулейманов Эльхана дIахьедарехь, 630 стаг ву махкахь лоьрийн тергонехь латтош. Коронавирусан эпидеми яьржинчу пачхьалкхашкара цIабаьхкина нах а, цаьрца уьйр хилларш а бу цу тептарехь берш.

"Коронавирусан ун даьллачех дерг аьлча, уьш 3 ву. Цул совнах, ас хьалхо хаам ма-барра, 7 стагаца тхан талламаша керла коронавирусан инфекци гучуяьккхина. Москвано тIечIагIдаре ладоьгIуш Iа", - аьлла министро.

Цо дийцарехь, Москвара юхаеанчу зудчуьнца а хааелла коронавирусан инфекци. "Цундела тахана 11 пациент ву, официалехь вирус тIечIагIйина а, шеконашца а. Царех дукхахберш гIолехь бу, цара йовхарш ца етта, дегIан йовхо а лахара лаьтта церан. Кхоъ ву чолхе лазар токхуш. Царна а дарба хир ду аьлла, тешна ду тхо. Билгалдаккха лаьа, оха шконашца охьабехкина дукхахберш коронавирусан ун долчуьнца контакт хилла нах бу. Цундела, юха а дехар до шуьга, чуьра арадийлар кIезиг хуьлуьйтуш, шайн чохь-кертахь хилахьара шу", - аьлла, дерзийна шен къамел Нохчийчоьнан могушаллин министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG