ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь цхьана дийнахь 919 стаг велла коронавирусах


Итали, коронавирусах велларг дIавуллучохь
Итали, коронавирусах велларг дIавуллучохь

ПIераскандийнахь бинчу хаамашца, Италехь 919 вахархо кхелхина коронавирусан инфекцех. Верриг а пачхьалкхехь COVID-19 вирусах велла 9134 стаг. Цомгуш хилла 86 эзар сов италхо. Оцу юкъанна дарба хилла 11 эзарна. Ткъа тIаьххьарчу буса тесто тIечIагIдинера 6 эзарг гергга вахархочунна ун даьлла хилар.

ПIераскандийнахь Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организицин (ВОЗ) куьйгалхочо хаамбира, дуьненчохь коронавирусан ун ах миллион сов стагах хьакхаделла хиларх. Царех велларг ву 20 эзар сов. Къаьсттина инфекцино дукха нах лаьцна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. 100 эзар ву цигахь.

Ткъа Итали шолгIачу меттигехь ю.

Цхьана буса Испанехь велла 500 сов стаг, Францехь 300 гергга, Великобританехь 200, Iамеркехь 100 сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG