ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхашка лела шайн кеманаш совцийна Туркойчоьно


Коронавирусан ун даржар сацон Iалашонца Туркойчоьно совцийна кеманийн дIасалелар. ПIераскандийнахь президент Реджеп ЭрдогIан вистхилла оцу дIахьедарца. ПIераскандийнахь меттигерчу "Анадолу" хьостано бинчу хаамашца, Туркойчохь вирусах 92 стаг велла. Телевизионехь къоме вистхуьлучу ЭрдогIана дIакхайкхийна, цкъачунна дуьненаюкъара авиарейсаш юкъахйохуш сацамбина шаьш аьлла.

Ткъа шайн пачхьалкхехула лелачу кеманех дерг къаьстар ду, регионерчу Iедалхойн органашца дагадевллачул тIаьхьа аьлла, билгалдаьккхина президенто.

Панике а ца дуьйлуш, собаре хилар дехна Туркойчоьнан президенто шен бахархошка.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG