ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь хьаьжцIа бахар ца нисдала тарло зияртхойн


Коронавирус яржарна а, соьман мах божарна а Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь лахделла хьаьжцIа баха луучийн терахь аьлла, дийцина туроператорша. СаIуда Iаьрбийчоьно зияртхой чу ца бита сацам тIеэца тарло, тIаккха Мекка баха тур эцначийн ахчанаш юхадала дезар ду операторийн аьлла Оьрсийчоьнан министрийн кабинетехь хьаьжцIа бахар вовшхтухучу офисан белхахочо.

Чиллан-беттан 14-чохь дуьйна долийра СаIуда Iаьрбийчу баха луучу Нохчийчуьрчу бахархошкара кехаташ схьаэцар. Кху шарахь итт проценте хьалабаьллера мах - 3600 долларшкахь. Нохчийчуьрчу муфтиятехь кхетийра, зияртхойн некъ базбалар кеман билетийн мах тIекхетарца а, СаIуда Iаьрбийчоьно визан мах а тIетохарца доьзна ду аьлла.

"Кавказский узел" агенталле Оьрсийчуьрчу Iедалхойн цIарах хьажцIа боьлху нах вовшахтухучу офисан белхахочо Умаханов Ильяса дийцарца, кху шарахь хьаьжцIа вахар юкъахдаккха тарло.

"СаIудхоша коронавирусан пандемия бахьанехь кху шарахь тIе ца эца тарло нах. ТIаккха кху шара баха лууш, ахчанаш деллачу зияртхойн харж меттахIоттор ю",- аьлла цо.

Офисан белхахочо бахарехь, туроператоршка кехаташ дахьийтина, нагахь санна, хьаьжцIа бахар юкъахдалахь, ахчанаш сеца а ца деш, дIало аьлла.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG