ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалин урамашкахула полисхойн патруль лела, бахархошка лардалар доьхуш


Яхначу буса Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь спецсигналаш а летийна, полисхойн патруль яра урамашкахула дIасалелаш, бахархошка арахь ма латта, чохь хила бохуш, дехарш деш. BAZA телеграм-канало зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш ду ха дар.

Иттех ю видео тIехь гуш йолу полисхойн машен. Яьржина коронавирусан инфекци бахьана долуш, радиокедачухула полисхоша хаамбо бахархошка дан дезачух а, ларвала эшарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG