ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оренбургехь 57 шо долу стаг велла коронавирусан унах


Оренбургерчу инфекцийн дарбан цIийнехь коронавирусан ун даьлла 57 шо долу Бузулукера вахархо велла аьлла, хаамбина меттигерчу Orenday хьостано, регионерчу могушаллин министран хаамна тIетевжина. Официалехь хоуьйтуш дац, мича бахьанца нисделла цуьнан кхалхар. Де хьалха пневмони гучуяьлла аьлла, хаийтинера лоьраша. Са даIадолуьйтучу аппаратна тIетесна хиллера иза. 5-гIа стаг ву хIара Оьрсийчохь коронавирусах беллачарлахь. Дийцарехь, шен доьзалца Францехь а, Испанехь а, Туркойчохь а лелла, цIавирзина и стаг, дарбан хIусамехь охьавиллина хиллера.

Болчу хаамашца, Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла 1264 стаг ву. Яхначу буса кхин а 228 вахархочуьнца гучуяьлла вирус. Оьрсийчоьнан 26 регионехь ун даьлла керла нах билгалбаьхна. Дукхахберш Москвара а, Подмосковьера а бу. Еккъа цхьана Москвахь цомгуш ву 817 вахархо.

Тахана, Заздоккху-беттан 28-чохь йолчу статистикаца, дуьненчохь коронавирусан ун кхетта 598 эзар стаг ву.
27761 стаг велла эпидемих, гIоле хилла 131000 сов вахархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG