ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шога карантин кхайкхийна Нохчийчохь


Яьржина коронавирусан инфекци бахьана долуш Нохчийчохь шога карантин кхайкхийна Iедалхоша. Туькана юург, я молханаш эца бен аравалар могуьйтуш дац. Шоьтадийнахь бина ишта хаам журналисташка оперативан штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

"Адам лардархьама шога карантин кхайкхийна республикехь. Туькана, я молханаш эца бен кхи чуьра аравала мегар дац кIирандийнахь дуьйна. ХIинццалц патрулан машенаш яра къепе ларъярхьама, кедачухула бахархошка кхайкхамаш беш, чохь сацар доьхуш дIасалелаш. КIирандийнахь дуьйна карантинан низамаш дохийначунна гIуданаш детта долор ду низамашкахь", - аьлла Даудовс.

Ишта тIедиллина кIоштарчу юкъарчу транспортна а, лицензи йолчу таксхошна а куьйгахь каранаш а, бетах масканаш а лелор.

Карарчу хенахь Нохчийчохь 12 стаган йинчу тесто коронавирус гойту, шозза бинчу талламо 5 вахархочуьнца инфекци билггал хилар бакъдина. Лоьрийн куьйгакIел ву 820 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG