Коронавирусан хьал латтарна Оьрсийчоьнан доллу дозанаш дIакъовла деза карарчу беттан 30-чу дийнахь дуьйна аьлла пачхьалкхан премьер-министро Мишустин Михаила. Автомобилан а, аьчкан некъийн а, бахархойн а, хIордатIехула а дIасалеларшна дозанаш деттар ду. Дипломатех а, церан доьзалхойх а, кеп-кепарчу хIордакеманийн экипажех а, гергара стаг валарца доьзна пачхьалкхера арабовлучу бахархойх а хьакхалур бац и бехкамаш.
Оьрсийчохь коронавирусан ун кхетта 1264 стагах. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхин а 228 стаг тIекхетта царна. 26 Оьрсийчоьнан регионехь яьржина COVID-19. Велла унах 7 стаг.
КIирандийнан хаамашца, Санкт-Петербургехь коронавирусах дуьххьара стаг велла. Боткинан цIарахчу дарбан хIусамехь хиллера иза. ГIалин губернаторо Беглов Александра бина цунах хаам, яздо "Интерфаксо".
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!