ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхин а 4 вахархочуьнца коронавирус къаьстина


КIирандийнахь Роспотребнадзоро официалехь бинчу хаамца, Нохчийчохь кхин а виъ стаг цомгаш хилла коронавирусан ун даьлла. Шоьтадийнахь урхалло бинчу хаамца, республикерчу меттигерчу шина вахархочун тесто бакъдинера вирус хилар.

"Грозный-информ" агенталлан журналистан хеттаршна жоьпаш лучу махкарчу могушаллин министро Сулейманов Эльхана дIахьедира, Нохчийчохь йолчу коронавирус толлучу тесташа 100 процентна нийса жоп ло аьлла. Делахь а, элира цо, цхьана а кепара шеконаш ца йисийтархьама шаьш Роспотребнадзоран "Вектор" олучу талламан институте хьийсайо, юха а зейта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG