ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Видеокамершна хьалха бехк цабиллар дехийтина Нохчийчуьрчу полисхоша 70 шо долчу зудчуьнга


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Хиндерг дуьйцуш пал тесна аьлла, 70 шо долу Джабраилова Рашан лаьцна хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Гуьмсан кIоштан декъан полисхоша. Цу хьокъехь сюжет гайтина " ЧГТРК "Грозный" телеканалан керланашкахь, яздо Кавказ.Реалиино.

Гуьмсерчу полицин векало Гулуев Абдуллас дийцарехь, цо ша дехар дина хилла цу зудчуьнга шен хир болу кхоллам буьйцуш пал тасахьара аьлла. Цул тIаьхьа шех тешна йоккха стаг лаьцна полице йигина цу стага.

ТIулгаш а тосуш, ша хиндерг дийцинчу берриг а нахе къинтIера бовлар дехна Джабраиловас. Цо тешийна уьш ша кхин цкъа а и гIуллакх лелор цахиларх.

Тайп-тайпана кепашца хин дерг дуьйцу нах телевизионехула гайтар ламаст хилла дIахIоьттина Нохчийчохь. Нохчийн юкъараллан жигархоша социалан машанашкахь шайн болчу аьттонех пайда оьцуш дIахьедарш до республикерчу Iедалша цу кепара лелочо адамийн бакъонаш талхош хилар Муьлхха а стаг бехке хилар кхело къасто дезаш хилар дагадоуьйту цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG